Пресс-релиз №38

21.04.2020

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА ЛЕРИНА!Къоман уггаре а коьрта билгало - мотт бу. 

Смотреть видео ролик

Нохчийн маттаца схьакхачийна вайга вайн дайша-наноша халкъан иэс, амал, г1иллакхаш. Къомо шен мотт хьалаайбар - цо шен синкхетам самабаккхар ду. Нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, нохчийн культура кхиорехь, къоман башхалла ларъярехь цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца: "Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь" долчу Нохчийн Республикан законна куьг яздина апрелан 25-г1а де - Нохчийн меттан де! - аьлла, билгалдаьккхина вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.